Хабаев Исмаил - (поэзия, лирика, стих на чеченском) chechen poetry
***
Сан дешнийн полларчий кхин цкъа а хьан даг тlе хийша а гlертар дац хьуна,
ас хьоьца кхин цкъа а сайн хазахетар а, сайн халахетар а доькъур дац хьуна,
ас кхин хьуна гуьйренах lаба ца туьгу сайн дог а достур дац хьуна,
даккхий, оцу йоlана лохьа ша бохуш делладелла сайга дирзина лаьттачу зезагна ас кхин цкъа а жоп а лур дац хьуна,
сайн когашна ас кхин цкъа а хьо йолчу валош долу некъаш а даор дац хьуна,
аьлча,
шайн эшарш
ас хьуна адамийн матте гоч а еш,
дитта кlелахь вай хийла ладегlначу олхазарийн бlаьрхишца
ма дукха суьйренаш йоьлхур яра-кх
ас шайна йина ямартло ца лалуш.
© Хабаев Исмаил