Исбаьхьаллин фильм Йахь

Шун хьовса аьтто бу оха тхайн ницкъаца йаьккхина «Йахь» ц1е йолчу нохчийн фильме. Турпалхой - доьналлех, майраллех, нохчаллех дог дуьзна кегий нах. Коьртачу турпалхошна хьалха х1уттучу чолхечу хьолах а, цу чолхечу хиламах, йахь а ца йожош, церан чекхбовларх а йу фильм. Кху т1ехь къахьегначу тобано шайн йолчу техникийца а, болчу аьттонца а цхьана дийнахь йинчу съемкашца материал цхьанатоьхна, йаьккхина йу х1ара фильм. Тхайн ма-хуьллу хьалхалерачу заманан хьелаш гайта г1ерташ, къахьегна оха. Тхо оцу 1алашоне кхаьчна, йа ца кхаьчна хьовсархошка билгалдаккхийта лаам бу тхан. Кху йуккъехь дакъалаьцна актераш, дукхахберш, дуьххьара х1уьттуш бара камерина хьалха, х1унда аьлча, актеран корматалла йоцуш болу къона йаздархой а бу кху суьртан актерийн мог1арехь. Тхуна даггара баркалла ала лаьа х1ара фильм йоккхуш накъосталла мел диначарна, Йаздархойн союзан куьйгалхочунна Ельсаев Аламахьадна, тхуна орцах мел ваьллачунна а. Дала диканца бекхам бойла! Литературин клуб “Поэзин суьйре“, Кинойукъарло “Larma“ 2024 шо
Back to Top