Ромошке Кадырову по поводу обращения к народу 20221028

Де диэне мел дели эшна дог1у Путина а Ромошка Кадыров а г1улкхаш Украинехь. Юьхьенца Украинехь т1ом ба яханчу тобанех вийна а лазийна а стагга вац бохуш аьшпаш биттара Даджала Ромошкас, амма цхьана дийнахь б1аьннаш байъа а чевнаш я а йолийча Ромошки аьшпех нира хили, иэшам хуьлуш хилар массо нахана гучадала дуьйли, цундела массо нохчий Украине т1аме а вахана вала веза, цигахь цавелларг стаг вац бохуш кхийкхамаш ба волавели Даджал Ромошка. И Даджал Ромошки кхийкхам бахьанехь ду х1ара къамел, уггаре хьалха Ромошке шега лерина.
Back to Top