БЕТЕЛЬГЕРИЕВ Хьуьсен - Дашо гIаргIулеш

Ас хьан чIабанех гIайгIа юцур ю, КIайчу говрана туьйра дуьйцур ду, Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь Дашо гIаргIулеш новкъа йохур ю. Ас хьан бIаьрхих цхьа илли доккхур ду, Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду, Муьрг цIийх Iеначу нохчийн хьаннашкахь Дуьне къинтIера сайна доккхур ду. Ас хьан бIарлагIех гIала юттур ю, Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду, Iаьно къарйинчу нохчийн ярташкахь Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал хIуьттур ву.
Back to Top