Польшера вайнах гӀурбан Ӏийд даздеш, ш

Суннатехь Ӏийд маьждигехь ца деш арахь вовшахкхетта дан дезаш ду. Иштта суннат ду шен берриге доьзалца цига вахар а. Зударшка а Ӏийдане схьадуьйла бохуш деънера хьадисехь, - «Ца богӀуш кӀелхьара бовлийла а ца юьтуш, ламаз деш боцурш а схьабуьйла, ламаз дечу хенахь юьстахбевра бу, бусалба нехан диканехь дакъалоцур ду», - бохуш. Ткъа и шиэ суннат массара а шаьш долчехь лело даьккхича хаза дара. Къаьсттина коьрта ду махкара арахь бехачара леладар, вовше бовза а, гергарлонаш таса а, берийн динца уьйр-марзо ян а, бусалба динан хазалла ган а. Иштта и шиэ суннат кхочушдеш гӀурбан Ӏийданехь вовшахкхетта бу Польшера вайнах. Ӏийд дина бевлча дууш, молуш марзо оьцуш, берийн самукъадоккхуш спортан а, динах хаттарш деш а къийсамаш беш. ============ 📲Телеграмм: 📲Инстаграм: 📲Фейсбук: 📲Вконтакте: 📲Одноклассники:
Back to Top