Гимн Чечни - "Шатлакхан Илли" [Русский перевод / Eng subs]

Слова: Ходжи-Ахмед Кадыров Музыка: Умар Бексултанов ●▬▬▬▬⇭★ СЛОВА ★⇭▬▬▬▬● Харцоно цIе тесна хийла хьо ягарх, Нохчийчоь ца йоьжна, гIаьттина яха. Кавказан ткъес хилла, маршонан ага, Хьан лаьттан сий дина яхь йолчу наха. Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат! Хьо йоцург, Нана яц, нохчийн халкъ хьаста. ТIан дехар, тIан дерзар Даймехкан кхерчахь, Декъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам. Башламан баххьашка дайн синош дуьссу. Органа тулгIено ненан мотт буьйцу. Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла! Шатлакхан илли ду тIуна ницкъ белларг! Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна, Халкъаца лерам бар кхаъ хуьлда хьуна. Машаран гIаролехь ирсан некъ тайна, Сий долуш Нохчийчоь ехийла тIуна!
Back to Top