Ма мотта дахар ду деха

Сан доттагI, ма мотта дахар ду деха, БIе шарахь хьо вахарх, дукха ца веха. Iай буьйса еха ю дийнал а шозза, БIешеран ах дакъа деза дIакхосса. Диснарг хIумма а дац, сихъелла цу хенан дарц, Цу дорцан боданехь суй хила гIерташ, Хийла шо вай дIало, хьекъале кхийдаш. Юъчунна - молчунна хан дIа ма йоьду, Цамгарша хьийзавахь кхин эхе воьду. Сан доттагI, ма мотта дахар ду деха, БIе шарахь хьо вахарх, дукха ца веха. Стиглара чубогIу догIан тIадам санна, Вайн дахар чекхдаларх, хила хьо тешна. Цхьа тIадам, ши тIадам лаьтта тIе боьжча, Цхьа хаза заза доккхий дIахIуту вайн чоь. Хилахьа, хилахьа сан доттагI тIадам, ТIаккха бен хир дац хьох хьакъдолу адам. ⠀ Байт язйинарг а, йоьшург а - Дудаев Муса Дала геч дойла цуна!🤲
Back to Top